Вайн матте а, оьрсийн матте а даьхна жайнаш доьшуш болх бу вайн, наггахь жайна доьшуш записаш хила а мега, ладоьхчхьана вер волуш.
Ткъа хӀинца доьшур долу жайна
Беркате Элча Мухьаммад

цlе йолу жайна хир ду.




Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.
Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
ХIора дийнахь маса агIо еша еза билгалдийр ду, дукха хир яц еша езарг.
Еша билгалъяьхначу агIонаш юкъахь кхета хала дерг кхетош, тIетоха дезарг тIеолуш, хилахь юкъахь нийса доцург нисдеш а билгалдийр ду.
Жайна чекх мосазза долу экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю, экзамен хала хир яц, я дагахь Iамо дезаш хIуманаш а хир дац, цхьа наггахь ца хилахь, хIора дийнахь жайни тIера вай билгалбеш болу барам йоьшуш жайна чекхдаьккхиначуьнга хIоранга а ялалур йолуш хир ю.

Деша билгалдина жайна хьалха дешна делахь а, вайца юха дешначуьнан бен бакъо яц экзамен яла.
Еша чуйиллинарг еша тlаьхьависарх хIумма а дац, коьрта дерг - экзамен хилале жайна дешна чекхдаьккхичхьана.
Экзамен 24 сахьтехь лаьттар ю, цу юкъахь шена луучу хена яла йиш йолуш.
Кху канал чохь хир ду и гIуллакх
@adlanan_darsash
Жайна дIадолор ду 16.08.2023
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram