avatar
lадлан Харачо
@adlan_haracho
10.05.2026 07:53
Сунам ца хаьа, къамел кхечуьнга деш делахь а, эхьа-м суна хета! Шайн цIийца цхьан наха айбин йолу къоман цIе, кхечара цхьа а мах ца боьхуш юхкаш ю! Нохчочуьнга иштта къамел дан вехьар волуш кху латта букъ тIехь цхьа а хир вацар цхьан хенахь, дича а иза сихха цу латта кийрахь карор вара, ткъа хIинца, кху дерриге дуьнен чохь уггаре пайда боцу нахе, дийца дин, я дай боцу нахе дойтуш ду! Сунам ца хаьа, цу ринге тIе волуш хIоттош бехкам бу те яхь, юьхь, эхь, доьналла, стогалла боху хIуманаш охьа дехкича бен волуьйтуш вац цу тIе аьлла! Оццула къамел шега динчуьнга юха куьг муха лур ду, коьрта тIе куьг хьекхарам дуьйцара дац, цуьнна тIе хеча ца юхуш дика Iи!!!

Гуттара лазаме дерг, вай кегирхой бу кху неха фанаташ хилла, кхергара масал оьцуш кхуьуш! Дала декъал йойла, кхин лела ца хууш, я шеш хIун лело деза ца хуучу нахера масал оьцуш кхуьуш йолу вайн тӏаьхье!
19 953

Обсуждение 0

Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.

Обсудить в Telegram