Акхаройн низам!
Хийла дешна стага хьехар до, хьехам бо къаьсттана цхьана нехан гIалатах, ледарлонах лоций... Дешна стеган декхар ду и, нахана юккъехь долу гIалат, къа, осала дерг дIадаккха гIерташ иза цахилча м хила ма везза дешна стаг а ма вац иза!
Делахь а, цо шен декхар кхочуш дича вайна юккъехь хаалуш акхаройн амал ю, къаьсттана цу дешна стага хьахийнарг, хьехар динарг блогер я спортсмен велахь... Цу дешна стаге яздо "хьо стаг велахь цунна юхь дуьхьала алахь и", "цо пес йохйийр ма ю хьа", "и тIенислахь къа ду-кх хьан", "цуьнца вовшах кхетта йист яккха стаг вуй хьо?".... масне ду уьш!!!
ХIара йеккъа акхаройн амал ю, акхаройн низам ду, баккъаллаъ цу блогеро я спортсмено и дешна стаг эшийча а, цо иза хIаллак вича, цо иза вийча а, и блогер/спортсмен бакъ хуьлаш ма вац, я цо лелош долу осала хIума сийлахьа хуьлаш а дац, я цу дешна стага аьлларг харц хуьлаш а дац! Тоьлларг бакъ хилар иза акхаройн низам ду. Тоьлларг бакъ хуьлаш велхьара хийла Ислам харц хилла меттаг/зама хир яра, хIунда аьлча даима толамехь цахилла Ислам!
Цундела и акхаройн амал дIаяккха, акхаройн низамца ма даха! Бакъо иза бакъо ю массо хьолехь а, осала дерг осала ду массо хьолехь а.
@islamantariyh1
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram