Зул-къиIдахI беттан тIаьххьарчу дийнахь, малх чу а буьзна, маьркIажа хан хиларца болало Зул-хьижжахI бутт.
И болабаларца суннат хуьлу, гIурбана урс хьокху дийнал тIаьхьа догIу кхоалгIа дийнан маркIажа хан хиллалц, Дела воккхавар.
Ткъа Зул-хьижжахI бутт болабелчхьа дуьйна, муьлххачу хенахь а, муьлххачу хьолехь а вийр ву Дела воккха.
Амма Iарафат дийнахь Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа дIадолало хIора фарз ламазна тIаьхьара Дела воккхавар, ткъа хьаж деш волчунна гIурбана урс хьокху дийнахь делкъа ламаз дича бен ца долало. Стегарша а, зударша а, жамаIатца ламаз дича а, ша хIоьттина дича кхочуш дийр ду хIара суннат, ша фарз ламаз дина мосазза волу Дела воккхаварца, салам ма-делла, - «астагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, аллахIумма антас-салам, ва минкас-салам, табаракта йа залжалали вал-икрам», - аьллачул тIаьхьа, цкъа Дела воккха а вина, тIаккха шен кхидIа тасбихь дийр ду.
ХIоккхул аьлла хIоттийна барам боцуш, мелла а воккхавийр ву цу деношкахь Дела.
Ткъа Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кху кепара вора оцу деношкахь Дела воккха аьлла деъна цхьа а куц дац, амма цуьнан асхьабашкара деъна ду, царах муьлхха а лело мегар ду, уьш:
-
Салман Фарисис (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбару кабиран».
[Сунанул-кубра, БайхӀакъий: 6282]
-
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахӀу акбар, ла илахIа иллаллахIу валлахIу акбар, АллахIу акбар, ва лиллахIил-хьамд».
[Мусаннаф, ибн Аби ШайбахI: 5633]
-
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбару кабиран, АллахIу акбару кабиран, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахIу акбар, ва лиллахIил-хьамд».
[Мусаннаф, ибн Аби ШайбахI: 5646]
-
Иштта кхин а ду ибн Iаббаса (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбару, АллахIу акбару, АллахIу акбару, ва лиллахIил-хьамду, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахӀу акбар Ӏала ма хӀадана».
[Сунанул-кубра, БайхӀакъий: 6280]
Ӏадлан Харачо
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram