avatar
lадлан Харачо
@adlan_haracho
27.06.2023 08:04


Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де!

АллахӀ дуьнен стигал тӀе охьавуссу де.
АллахӀа Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де.
АллахӀа уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де.
ДоӀанна жоп ло де.
Къиношна гечдо де.
Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де.
Ислам-дин АллахӀа кхочушдина де.
Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де.
Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де.
Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де.
Ӏашураъ дийнал а деза де.
Дуьненчохь массо дийнал а деза де.

ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АллахӀе далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АллахӀа цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала!
@adlan_haracho
104 13.4K

Обсуждение 0

Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.

Обсудить в Telegram