Шайхана жайна дӀадоьшуш дан дезарг:
Эфирехь ладогӀар, цхьа минот а юкъара ца йолуьйтуш.
Эфирехь ладоьгӀначунна бен хуьлуш яц Шайхера ижазат. Ткъа эфир дӀаяьлча дӀаяздинчу озе ладогӀар лоруш дац.
ТӀаьхьависна, я зӀе галъяьлла, я кхин муьлхха кепара юкъараяьлла хан дӀаязъяр, хӀоккхул минот юкъараяьлла аьлла, экзаменехь дӀаязъян оьшур йолуш ю иза, ижазат тӀехь билгалъяккхархьама.
Шайхана сихха дӀадоьшур ду жайна, кхета ца веза, я кхин хӀумма дан а ца деза, ладогӀар бен. Ткъа Ӏарбойн маттахь еша хууш верг жайни тӀе хьожуш хилча дика хир ду.
Цхьа минот юкъара ца йолуш ладоьгӀначун а, хан юкъараяьллачун а ижазат цхьатерра яц.
Иштта кӀеззиг хан юкъараяьллачун а, дукха хан юкъараяьллачун а ижазат яц цхьатерра.
Иштта Шайхана жайна дӀадоьшуш ладоьгӀначун а, ладоьгӀна воцчун а ижазат яц цхьатерра.
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram