




Шайх Вахьидан куьйгаллица йолчу
«Ӏакъидатан Академехь» долош керла дешархой схьаэцар ду.
Дешаран йиъ курс ю, шина шаран ду дешар.
Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу йиъ курсехь.
Йиъ курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.
Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу хӀара цу кепара.
Дешарна дӀа кхузахь
https://forms.gle/fVWsLmRbHxa1eLKZ7 вазло, 29-гӀа жумадал-ула 1446 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 01.12.2024 кхаччалц.
Хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, курс чекх яьлла керла курс йолалуш бен.
Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.
Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
Экзамен чекхъяла 50 сов бал яккха еза.
Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.
Дешаран денош:

Оршот-де.

Шинара-де.

Кхаара-де.

Еара-де.
Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.
Дарсан хан: 1-2 сахьт.
Академин дешар дӀадолалур ду: 01.12.2024.
Академин хьоста
@Akidatan_Akademi_2
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram