Ассаламу Iалайкум!

Вайн махкахь тахана даздеш ду Нохчийн меттан де! Цу денца ас вайн йерриге а спортивни сообществон цIарах а, сайн цIарах а даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, нохчийн меттан хьехархой а, вайн дерриге къам а!

Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) боккха тидам тIебохуьйтура нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а, марзбарна а. Ахьмад-Хьаьжас коьрта лорура дешаран дакъа меттахIоттор, цу йукъахь йерриге а школашкахь нохчийн мотт Iамор, вайн мотт ларбар, тIаьхьене и биц цабайтар!

Тахана вайна ма-гарра, Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьана долуш дерриге а хьелаш кхоьллина нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а. Цу Iалашонца вайн махкахь дIахьуш боккха жигара болх бу.

Нохчийн халкъан историн а, культурин а бух болу нохчийн мотт Iалашбар Iаламат мехала гIуллакх ду вайн пачхьалкхалла чIагIйарехь, вайн къоман башхалла, дин, синкхетам, гIиллакх-оьздангалла ларйарехь. Цу тIехь къахьегар вайн дерриге а халкъан декхар ду. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
🔥 46
21
6
4 2.4K

Обсуждение 0

Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.

Обсудить в Telegram