K95 @ARKadyrov 25.04.2025 13:43 Ассаламу Iалайкум! Вайн махкахь тахана даздеш ду Нохчий меттан де! Ас даггара декъалво цу денца сайн хьоме Да, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, лараме Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, хьоме махкахой а! Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а, марзбарна а боккха тидам тIебохуьйтура. Ахьмад-Хьаьжас коьрта лорура дешаран дакъа меттахIоттор, цу йукъахь йерриге а школашкахь нохчийн мотт Iамор. Билгалдаккха лаьа, тахана Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьана долуш дерриге а хьелаш кхоьллина нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а. Нохчийн халкъан историн а, культурин а бух болу нохчийн мотт Iалашбар Iаламат мехала гIуллакх ду вайн пачхьалкхалла чIагIйарехь, вайн къоман башхалла, дин, синкхетам, гIиллакх-оьздангалла ларйарехь. Иза дерриге а халкъан декхар ду. Дала тIаьхье беркате йойла вайн! 🔥 71 👏 22 ❤ 18 3 4.2K
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram