Генна ойланаш!
Кху киншко тахана 25 шо замане юхавигинера со! Балха воьдуш, автобус т?е хьалаваьлча еша волавелла, 2005-г?а шарахь Мисре деша ваха дуьххьара тхайн кех валар!
Т?аьхьахьоьжуш елха НАНА йитина!
Ткъа ДА - набахтехь!
Автобус т?е новкъаваккха веъна сан ваша а, дешича а!
Цига айса ца яийтина НАНА!
Дешичас до весеташ!
Юьртана букъ тохар, генна некъ!
Сайца болчарех хадар, жима ву аьлла кеманна ца волуьйтуш, хийрачу нахана юкъахь, сой цхьаъ!
Цул т?аьхьа новкъа а сой цхьаъ, х?ун лело деза а цахууш!
Цул т?аьхьа Мисре д?акхаьчча, гинчух-девзинчух тамаша бийриг сихха ц?ерачаьрга дийца лууш хьегна яьхьна хан!
Тахана санна ма-хетта ян йиш йоцу з?е, чомахь смс язъян а ца тоьу сом, язъечу хена а элпаш к?езиг дахка г?ерташ, цунах ши смс хилахь д?аг?ур яц олий, телпо тоьхна вистхилар-м баттахь цкъа, масех минотана нисделча а доккха х?ума а долуш, ган аьттонаш-м хир бу ала а бацара меттиг!
Цу х?ора кийсакан а шен дийцар!
Иштта д?а ехха ойланаш, 25 шо юхалистина к?орге ойланашкахь вехаш, «Шолг?а корта» аьлла т?е ма-кхеччина самавели-кх, ванах, со автобус т?ехь ма вара, балха ваха ваьлла ма вара аьлла д?асахьаьжча, сой охьавосса везачул 8 астановкана т?ехваьлла, х?инца-м т?аьхьавуьсуш а ву... Сихха охьавоьссина, такси кара а ца йина, некъал сехьаваьлла юха автобус т?е хиъна, кхид?а еша чам кхетта ?аш, ойла йо ас, юха а т?ехвала там бара-кх со, д?акхаьчча йоьшур ю олий ойла а кхоллалой, т?аккха а ?е ца велла, маса астановка д?аваха веза а хьаьжна, ладуг?уш х?ума дер айса аьлла еша х?оьттина, юха а т?ехваьлла цхьанхьашха д?авахана...! Балха т?ехь хаам бина, сой т?аьхьавуьсуш хилар, иштта цхьа халла д?акхечи!
Яц хьуна киншка оццул ч?ог?а хаза а я оццул лачкъийна ойланаш д?ахьур йолуш а, нагахь сайчух тера хьан дийцар дацахь!
?адлан Харачо
Обсуждение 0
Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.
Обсудить в Telegram