avatar
lадлан Харачо
@adlan_haracho
24.09.2025 14:22
Шайх Фавза?на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Мунепакъалла - иза тIехула бусулба дин а леладеш, шен дагчохь керстаналла хьулдар ду. Ткъа мунепакъ нехан билгало – царна харцонан дай безар, бакъонан дай ца безар ю. Нагахь санна хьуна цхьаъ бакъонан дай ца безаш гахь, къаьсстина Элчанан (соллаллахIу IалайхIи ва саллам) асхьабаш а, умматан Iеламнах а ца безаш гахь, иза мунепакъ вуй хаалахь. ТIехула бусулба дин лелош иза велахь а, «АллахI воцург Iибадат дан хьакъ волуш кхин дела вац, Мухьаммад Цуьнан Элча ву», - бохуш, тоьшалла деш иза велахь а, амма шен кийрахь Делах ца тешаш керста ву хьуна иза. Ислам динца а, шахIадатца а шен керстаналла хьулдан гIерта иза, амма ша керста ву хьуна иза, жоьжахатин уггаре лахарчу тIегIанехь (бухехь) хир волу».

[Силсилатуш-шархьир-раса?ил: Мажму?Iатул-у?ла?, агIо: 119]
?адлан Харачо
1 481

Обсуждение 0

Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.

Обсудить в Telegram