avatar
lадлан Харачо
@adlan_haracho
27.05.2025 20:38
​​Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана а тайпа денош ма дац, шайна чохь йина Iамал АллахIана дукхох езаш, хIокху итт дийнахь йиначу Iамалел». Асхьабаша хаьттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь деш долу жихIад а дац?». Элчано жоп делира: «АллахIан новкъахь деш долу жихIад а дац, шен даьхница ша араваьлла стаг воцург, цунах цхьа а хIума духа ца деъна волу».
Сахьи‌хь: Буха‌рий: 969. Иштта кху дешнашца Абу Да‌ву‌да дийцина хӀара, 2438-гIа лоьмарца, Алба‌нис сахьи‌хь а дина «Ирва‌ул-гIали‌л» жайнахь, агIо: 4/110

Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цу хьадисехь вайна билгалдина кху итт дийнахь йиначу Iамалел а АллахIана дукхох езаш Iамал ян а яц, цхьа Iамал йоцург аьлла, иза муьлха Iамал ю аьлча, шен даьхница а, шен дегIаца а гIазоте ара а ваьлла, ша цигахь дIа а кхелхина, шен даьхни а цигахь харж йина дIадахийтар, иштта йина йолу и цхьа Iамал ю АллахIана кху итт дийнахь йиначу Iамалел а дукхох езаш, оццул деза ду кху итт денчохь шега ялуччул муьлха а дикачу Iамалехь совволуш къахьегар.

ТIаккха кху итт дийнахь ян мегар йолчу Iамалех коьрта Iамалш

- Марха кхабар, шен ницкъ кхочучу барамехь, амма дукха кхаба ницкъ ца кхачахь, шега кхабалуччул кхобур ду, цхьа марха бен ца кхабалахь а. Марха кхабар уггар дикачу Iамалех цхьаъ йолун дела. Цхьана дийнан мархано жоьжахатенах бусалба генавоккхуш хиларна кхузткъе итт шарна.
Делахь а, марха исс дийнахь бен кхобуш дац, иссалгIа де Iарафат де ду иза уггар деза дерг а ду, и иссалгIа де а кхобур дац хьаж дан вахана Хьаж-цIахь волчо, цунна бархI кхаба бен мегар дац, амма итталгIа де - иза гIурбана урс хьокху де ду, цу дийнахь марха кхабар хьарам ду, и де цхьаммо кхобур дац.

- Къуръан дешар, шен ницкъ кхочучу барамехь, дийнахь цхьа жуз дешна а.

- АллахI дукха хьехор, муьлххачу кепара, масала: «АллахIу акбар» бахар, «субхьа‌наллахI» бахар,  «алхьамдулиллахI» бахар, «ла‌ ила‌хIа иллаллахI» бахар, «астагIфируллахIи ва ату‌бу илайхIи» бахар, «ла‌ хьавла ва ла‌ къуввата илла‌ биллахI» бахар, «субхьа‌наллахIи вабихьамдихIи» бахар, иштта кхин муьлхха а кепара АллахI хьехор.

- Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу азкараш дешар.

- ДIавуьжуш а, самаваьлча а доьшуш долу азкараш дешар.

- Стегарша пхиэ ламаз маьждигехь жамаIатца дар, маьждиге вахаза виснехь шен чохь дина а жамаIатца дар, иштта зудчо шен чохь жамаIатца ламаз дар.

- Фарз ламазашца хоттаделла долу суннат ламазаш дар.

- ТахIажжуд ламаз дар, дIавижале дина а.

- Духьа ламаз дар, ши ракаIат дина а.

- Иштта кхийолу ерриг дика Iамалш совъяхар, масала: доIанаш дар, сагIина хIума ялар, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш лелор, диканиг де алар, вониг ма де алар, и доцург кхин а и саннарш.

Ткъа вай ягарйина и Iамалш бусалба стеган шен дахарехь даима а хила езаш Iамалш ю, делахь а, кху итт дийнахь къаьсттина чIогIа ларор ю.
Ӏадлан Харачо
30 2.2K

Обсуждение 0

Обсуждение не доступно в веб-версии. Чтобы написать комментарий, перейдите в приложение Telegram.

Обсудить в Telegram